Luke 21:12-15
12Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу. 13ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14 aХаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн.
Copyright information for
CheCAC2012