Luke 21:12-17
12Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу. 13ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14 aХаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн. 16Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух. 17Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу.
Copyright information for
CheCAC2012