‏ Luke 21:25-28

Адамийн КӀант схьавар

(Маттай 24:29-31; Марк 13:24-27)

25 a«Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. 26Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. 27 bТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“. 28И хила доьлча, хьала а гӀовттий, шайн кортош хьалаайа, хӀунда аьлча шун кӀелхьардахар герга кхаьчна».
Copyright information for CheCAC2012