Luke 21:29-33
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Маттай 24:32-35; Марк 13:28-31)
29Ӏийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. 30Царна тӀе гӀаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 31Иштта ду кхузахь а, и хӀуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла. 32Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 33Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Copyright information for
CheCAC2012