Luke 21:7-19
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Маттай 24:3-14; Марк 13:3-13)
7Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХӀун билгало хир ю и хиндерг тӀекхачаран?» 8Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“я „Хан тӀекхочуш ю“, – бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш. 9ТӀемах я гӀаттамах шайна хӀума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц». 10Ӏийсас кхидӀа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. 11МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хӀуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю. 12Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу. 13ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14 aХаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн. 16Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух. 17Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу. 18Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тӀера цхьа мас а галъер яц. 19Собаре хилахь, шайн синош кӀелхьардохур ду аша».
Copyright information for
CheCAC2012