‏ Luke 22:14-20

Везачу Элан пхьор

(Маттай 26:26-30; Марк 14:22-26; 1 Коринтхошка 11:23-25)

14Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира. 15Ӏийсас элира цаьрга: «Сайн бала тӀелацале, хӀара Пасахьан Ӏахар чӀогӀа шуьца баа лиънера Суна. 16Ас боху шуьга: хӀара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц».

17Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хӀара. 18Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тӀекхаччалц».

19Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». 20 aШаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.
Copyright information for CheCAC2012