‏ Luke 22:3-6

3ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара. 4Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашна а тӀе а вахана, Ӏийса царна дӀаваларх лаьцна къамел дира. 5Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан. 6ЯхӀуд иза схьаэца реза хилира. Ӏийса царна дӀавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь.
Copyright information for CheCAC2012