Luke 22:39-46
Ӏийсас Зайт-диттийн лам тӀехь доӀа дар
(Маттай 26:36-46; Марк 14:32-42)
39Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тӀе вахара Ӏийса. Мурдаш а бахара Цуьнца. 40Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта». 41Ша а царна тӀулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доӀа дан хӀоьттира: 42«Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 43Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан. 44Халачу хьолехь кхин а чӀогӀа доӀа дан хӀоьттира Ӏийса. Цуьнан хьацар, цӀийн тӀадамаш санна, лаьтта оьгура. 45ДоӀа дина а ваьлла, мурдашна тӀевахара Иза. ГӀайгӀано дог дохийна, гӀелбелла, бийшина Ӏохкуш карийра Цунна уьш. 46«Шу дийшина хӀунда Ӏохку? – хаьттира Ӏийсас – ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
Copyright information for
CheCAC2012