‏ Luke 22:47-53

Ӏийсана ямартло яр а, Иза схьалацар а

(Маттай 26:47-56; Марк 14:43-50; Яхьъя 18:3-11)

47Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара – Цунна барт баккха. 48Ӏийсас хаьттира: «ЯхӀуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КӀантана?»

49Ӏийсаца болчара, гӀуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» – аьлла. 50Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира.

51Амма Ӏийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Ӏоьттина, лерг тодира цу стеган.

52Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу! 53 aХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».
Copyright information for CheCAC2012