Luke 22:56-62
56Цхьана йоӀана-ялхочунна гира иза цӀера юххехь Ӏаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца». 57Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза». 58Жимма тӀаьхьо цхьаммо, хӀара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХӀан-хӀа, вац», – жоп делира Кипас. 59Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тӀедожош, элира: «ХӀара билггала хилла Ӏийсаца, хӀунда аьлча хӀара а галилайхо ву». 60Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хӀун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нӀаьна кхайкхира. 61Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тӀе хьаьжира. ТӀаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь». 62Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
Copyright information for
CheCAC2012