Luke 22:63-71
ТӀемалоша Ӏийсана ницкъбар
(Маттай 26:67, 68; Марк 14:65)
63Ӏийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. 64Цара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?» 65Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хӀуманаш дуьйцура цара.Кхеташонехь барт хаттар
(Маттай 26:59-66; Марк 14:55-64; Яхьъя 18:19-24)
66Ӏуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Уьш болчу валийра Ӏийса. 67«Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара. Ӏийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. 68Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац. 69Амма хӀинца дуьйна дӀа Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏийр ву». 70Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КӀант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву». 71ТӀаккха цара элира: «Кхин хӀун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»
Copyright information for
CheCAC2012