‏ Luke 23:13-23

Ӏийса вен кхел йо

(Маттай 27:15-26; Марк 15:6-15; Яхьъя 18:39–19:16)

13Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина, 14элира: «ХӀара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тӀе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тӀедожийнарг суна гучу ца дели. 15ХӀародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хӀумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хӀумма ца дина Иза вен бахьана хиллал. 16Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза»
Цхьадолчу тептаршна тӀетоьхна ду Маркан тептар тӀера (15:6) 17-гӀа аят: ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ арахеца везаш вара Пулат.
.

17 18Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. 19(ГӀалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.)

20Пулата, Ӏийса дӀахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. 21Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

22Пулата кхозлагӀа а хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хӀума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дӀахоьцур ву Иза!»

23Амма цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура, Иза жӀарах дӀатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира.
Copyright information for CheCAC2012