Luke 23:26-43
Ӏийса жӀарах дӀатохар
(Маттай 27:32-44; Марк 15:21-32; Яхьъя 19:17-27)
26Ӏийса дӀавуьгучу хенахь тӀемалоша шен кха тӀера вогӀу Къуринара ШамӀа цӀе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖӀаран бӀогӀам цуьнга ги а боллийтина, Ӏийсана тӀаьххье дӀабахьийтира цара. 27Ӏийсана тӀаьхьа дукха адам догӀура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара. 28Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоӀарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха. 29Цхьа хан йогӀур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“. 30 aТӀаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тӀе эгийша!“гунашка: „Тхо дӀахьулдейша!“ 31ТӀе гӀа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хӀун хир ду?» 32Ӏийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара. 33«Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира, ши талорхо а – цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор дӀатуьйхира. 34 bӀийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хӀун деш ду ца хаьа-кх кхарна». ТӀемалоша, кхаж а тосуш, Ӏийсан тӀеюху хӀуманаш йийкъира. 35 cНах, дӀа а хӀиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кӀелхьарбохура Цо! ХӀинца Ша кӀелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!» 36 dТӀемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Ӏийсага кемсийн къонза кховдийра: 37«Хьо кӀелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла. 38Ӏийсана тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла. 39ЖӀарах дӀатоьхначу цхьана талорхочо Ӏийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кӀелхьардаха!» 40ШолгӀачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таӀзар дац хьуна динарг а? 41Вайшинна дина таӀзар нийса, догӀуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац». 42Цо элира Ӏийсага: «Ӏийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш». 43ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо».
Copyright information for
CheCAC2012