aАрадаккхар 20:10; Карлабаьккхинарг 5:14.
Luke 23:50-56
Ӏийса дӀаволлар
(Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Яхьъя 19:38-42)
50Юсуп цӀе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара. 51Цо Ӏийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхӀуд-махкахь йолчу Рамат цӀе йолчу гӀалара вара иза. Делан Олалла тӀекхачаре сатуьйсура цо. 52Пулат волчу а веана, Ӏийсан дакъа схьадийхира Юсупа. 53Цо дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара. 54Иза пӀераскан де дара – Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тӀейогӀуш яра. 55Галилайра дуьйна Ӏийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тӀаьхьа. Ӏийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна. 56 aЦара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.
Copyright information for
CheCAC2012