‏ Luke 24:1-12

Ӏийса веллачуьра денвалар

(Маттай 28:1-10; Марк 16:1-8; Яхьъя 20:1-10)

1Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара. 2Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна. 3Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра. 4Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. 5Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш? 6 aИза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: 7„Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“».

8ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш. 9Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара. 10Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. 11Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира. 12Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш.
Copyright information for CheCAC2012