Luke 24:13-35
Ӏаммас-эвла боьдучу новкъахь.
(Марк 16:12, 13)
13Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш. 14Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура. 15Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира. 16Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира. 17Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?» Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина. 18Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?» 19«Ткъа хӀун хилла?» – хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И. 20Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза. 21Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла. 22Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача, 23Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла. 24Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира». 25ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! 26Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» 27Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас. 28Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра. 29Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», – аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара. 30ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира. 31Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира. 32Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш. 33Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра. 34Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!» 35Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна.
Copyright information for
CheCAC2012