‏ Luke 24:36-49

Денвелла Ӏийса мурдаш болчу вар

(Маттай 28:16-20; Марк 16:14-18; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)

36Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча.

37Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш. 38Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу? 39Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду».

40Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. 41Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?» 42Цара беттина чӀара белира Цунна. 43Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха.

44«ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.

45Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. 46Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. 47Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла. 48Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду. 49 aСан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза».
Copyright information for CheCAC2012