‏ Luke 3:1-18

Яхьъяс хьехам бар

(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Яхьъя 1:19-28)

1Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, 2динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира. 3Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш. 4 aЦуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!
5ХӀора тогӀи хьалаюзур ю,
хӀора лам а, гу а охьахедар бу.
Харц некъаш нислур ду,
доьхнарш шарлур ду.
6Массарна а гур ду
Дала адамаш кӀелхьардахар!“»

7 bХих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? 8 cШу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. 9 dОрамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».

10«Ткъа хӀун де оха?» – бохуш хоьттура наха.

11Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».

12 eЯл йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хӀун дан деза?»

13«Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга.

14ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?»

Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».

15Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?» 16Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу. 17Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».

18Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс.
Copyright information for CheCAC2012