‏ Luke 4:1-13

Ӏийса зер

(Маттай 4:1-11; Марк 1:12, 13)

1Делан Синах вуьззина веара Ӏийса Йордан-хи тӀера. Делан Сино Иза яьссачу метте дӀавигира. 2Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХӀара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Ӏийсас хӀума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза.

3Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КӀант велахь, хӀокху тӀулге бепиг хила ала».

4 aӀийсас жоп делира: «„Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац“, – аьлла, яздина ду».

5Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бӀаьрган негӀар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо. 6ТӀаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тӀехь олалла дар а, церан сийлалла а, хӀунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дӀадала йиш ю сан. 7И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Ӏибадат дахь».

8 bАмма Ӏийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»

9Иблисо Ӏийса Ярушалайме а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КӀант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. 10 cЯздина ма ду: „Везачу Эло шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“, – аьлла. 11Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».

12 dАмма Ӏийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“, – аьлла, яздина ду».

13Ӏийса зийна а даьлла, иблис дӀадахара, юха шен аьтто баллалц.
Copyright information for CheCAC2012