Luke 4:16-30
Ӏийса Назарт-гӀалахь тӀе ца оьцу
(Маттай 13:53-58; Марк 6:1-6)
16Ша кхиинчу Назарт-ГӀала веара Ӏийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цӀа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша. 17Цунна схьаделира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дӀадийшира Цо: 18 a«Везачу Элан Са дагца ду сан,хӀунда аьлча Цо со къобалвина
мискачарна хаза кхаъ кхайкхо.
Цо со хаам бан ваийтина:
чубоьхкинарш паргӀат а бохур бу,
бӀаьрзечарна серло а лур ю.
Со ваийтина ву Ӏазапехь берш мукъабаха,
19Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дӀахаийта».
20И дешна а ваьлла, тептар дӀа а хьарчийна, цӀа чохь гӀуллакх дечу стаге дӀаделира Цо. Юха Ӏийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара. 21Ӏийсас элира: «Тахана кхочушхилла хӀокху тептар тӀехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь». 22Массо а, ХӀара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кӀант ма ву Иза?» – бохуш. 23ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тӀе а доьгӀна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гӀалахь, изза де“, – аьлла». 24 bЮха Ӏийсас тӀетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тӀеоьцуш ца хилар. 25 cБаккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхӀу-пайхамаран заманахь дукха бисина Ӏаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догӀа а ца деана, мацалла хӀоьттинера берриг а махкахь. 26 dАмма оцу зударшна цхьанна а тӀе ца веанера Эли-ЯхӀу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦӀадан-махкара Сарпатера йисина Ӏаш йолу зуда яра. 27 eДуккха а дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаӀ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьӀнех цхьа сирийхо НаӀаман воцург цхьа а цӀан ца велира». 28И дешнаш хезча, оцу цӀа чохь волу массо а, оьгӀазвахана, 29хьалаиккхира. Цара Ӏийса гӀали чуьра араваьккхира. И гӀала тӀехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Ӏинна чукхосса гӀерташ бара уьш. 30Амма Ӏийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дӀавахара.
Copyright information for
CheCAC2012