Luke 5:1-11
Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш
(Маттай 4:18-22; Марк 1:16-20)
1 aЦкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама. 2Ӏийсана берда тӀехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чӀерийлецархой шайн бойнаш цӀанъеш бара. 3ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза. 4Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамӀе элира: «Хи кӀорга долччига дӀадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чӀерий лецархьама!» 5 bШамӀас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хӀумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас». 6 cБойнаш чутесча, цара вуно дукха чӀерий лийцира. И бойнаш эттӀал чӀогӀа дукха чӀерий дара царна чохь. 7ШамӀагӀара кхечу кеманна тӀехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тӀе чӀерий хьаладехира цара. И чӀерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чӀогӀа дуьзина дара. 8ШамӀа-Кипас, и ган а гина, Ӏийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДӀагӀохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!» 9И лецна чӀерий гина, ШамӀа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа цецбевлла бара. 10Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кӀант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамӀин накъостий. Ӏийсас элира ШамӀе: «Кхера ца оьшу! ХӀинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо». 11Кеманаш берда тӀе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина дӀабахара уьш.
Copyright information for
CheCAC2012