Luke 5:1-3
Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш
(Маттай 4:18-22; Марк 1:16-20)
1 aЦкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама. 2Ӏийсана берда тӀехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чӀерийлецархой шайн бойнаш цӀанъеш бара. 3ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.
Copyright information for
CheCAC2012