‏ Luke 5:12-16

Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово

(Маттай 8:1-4; Марк 1:40-45)

12Цкъа цхьана гӀалахь вара Ӏийса. Оцу гӀалахь вехаш вара цхьа стаг, дӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Ӏийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла.

13ДӀакховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Оцу сохьта цу стеган дегӀ цӀанделира. 14 aЮха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».

15Амма Ӏийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тӀе дукха адам догӀура: Цуьнга ладогӀа а, дарбанаш дайта а. 16Ткъа Ӏийса кест-кеста адам доцучу метте дӀа а воьдий, Деле доӀанаш деш Ӏара.
Copyright information for CheCAC2012