‏ Luke 5:17-26

Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово

(Маттай 9:1-8; Марк 2:1-12)

17Цкъа Ӏийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цӀа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Ӏелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а мел йолчу гӀаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Ӏийсаца Везачу Элан ницкъ бара. 18ДегӀан меженаш лела а ца луш, меттахь Ӏуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦӀа чу а ваьхьна, иза Ӏийсана хьалха вилла гӀерташ бара уьш. 19Амма цӀенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тӀе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Ӏуьрг а даьккхина, цӀа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гӀайбица нахана юккъе а веана, Ӏийсана хьалха охьавиллира цара. 20Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла.

21ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»

22Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш? 23ХӀун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“? 24Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», – аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»

25Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, цӀа вахара, Далла хастамаш а беш. 26Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хӀума ду!»
Copyright information for CheCAC2012