‏ Luke 5:27-32

Левига тӀекхайкхар

(Маттай 9:9-13; Марк 2:13-17)

27Цул тӀаьхьа, ара а ваьлла, схьавогӀуш, ял йоккхуш волу, Леви цӀе йолу цхьа стаг гира Ӏийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» 28Леви, дерриг охьа а тесна, Ӏийсана тӀаьххье дӀавахара.

29Левис шен цӀахь Ӏийсана доккха той хӀоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хӀума юуш. 30 aПарушхоша а, Ӏеламчу наха а, резабоцуш, Ӏийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?»

31Царна жоп луш, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. 32Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тӀедерза ала веана».
Copyright information for CheCAC2012