Luke 5:33-39
Марха кхабарх лаьцна
(Маттай 9:14-17; Марк 2:18-22)
33Юха цара элира Ӏийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу». 34Ӏийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? 35Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дӀавигча, тӀаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш». 36Юха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тӀе, керлачу тӀера схьа а яьккхина, йома латор яц, хӀунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тӀехь керла йома товр яц. 37Цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. 38Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дотта деза. 39Цхьаммо а шира чагӀар а мелла, юха керланиг мер дац, хӀунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гӀолехь ду“».
Copyright information for
CheCAC2012