‏ Luke 6:1-5

СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар

(Маттай 12:1-8; Марк 2:23-28)

1 aЦкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула схьавогӀуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаш, кӀен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара. 2И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»

3Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 4 bИза Делан цӀа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».

5КхидӀа а Ӏийсас элира: «Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Copyright information for CheCAC2012