‏ Luke 6:20-23

Нахана хьалха лараме хетарг хийцар

(Маттай 5:1-12)

20Шен мурдашка а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш,
хӀунда аьлча Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь ду шу.
21Дала декъаладо шу, хӀинца меца дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь дуьзна хир ду шу.
Дала декъаладо шу, хӀинца доьлхуш дерш,
хӀунда аьлча тӀейогӀучу хенахь доьлур ду шу.

22 aДала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цӀе бехъечу хенахь, Адамийн КӀантах шу тешна дела. 23 bИ де тӀекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хӀунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла.
Copyright information for CheCAC2012