‏ Luke 6:47-49

47ХӀора Со волчу вогӀуш верг, Сан дешнашка ладугӀуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. 48Иза цӀа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кӀоргга ахка а аьхкина, тархана тӀехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цӀенна тӀе хьаьдча, цо цӀа меттах а ца даьккхина, хӀунда аьлча иза дика дина долу дела. 49Ткъа важа, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тӀехь, боьттина бух а боцуш, цӀа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тӀе хьаьдча, и цӀа доьхна дӀадаьлла, цунах боккха барз бисина».
Copyright information for CheCAC2012