Luke 7:1-10
Римхойн тӀемалойн хьаькаман ялхо туовар
(Маттай 8:5-13)
1ЛадугӀуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Ӏийса Къапарнам-гӀали чу вахара. 2Цигахь цхьа римхойн эскарера тӀемалойн хьаькам вара Ӏаш. Оцу хьаькаман цунна чӀогӀа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Ӏуьллуш вара. 3Ӏийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кӀелхьарваккхахьара аьлла. 4Баккхий нах, Ӏийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хӀиттира: «И хьаькам Ахь гӀо дан хьакъ ву. 5Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цӀа а дина», – аьлла. 6Ӏийса цаьрца и хьаькам Ӏаш волчу вахара. ЦӀенна хӀорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Ӏийсага дӀаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван. 7ХӀунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара. 8Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“олу, цо и гӀуллакх до». 9Оцу дешнашка ла а доьгӀна, чӀогӀа цецваьллачу Ӏийсас, юха а вирзина, Шена тӀаьхьа богӀучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар». 10Хьаькамо бахкийтина нах цӀа баьхкича, ялхо товелла карийра царна.
Copyright information for
CheCAC2012