‏ Luke 7:18-35

Яхьъяс бохкуьйту нах

(Маттай 11:2-19)

18Яхьъян мурдаша дийцира цунна Ӏийсас динчух лаьцна. 19Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла.

20Вахийтинчу шиммо, Ӏийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“– аьлла».

21Оцу хенахь Ӏийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бӀаьрзечарна бӀаьрса а лора. 22 aЦо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гӀой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 23Декъала ву Сох шек воцург».

24Яхьъяс бахкийтина нах дӀабахча, Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 25ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу. 26Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 27 bЦунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 28Ас боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.

29 cЯхьъяга ладугӀуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тӀехь, Делан лаам тӀе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира
И аяташ тептар яздархочун дешнаш хила мегаш ду. Цунах лаьцна билггал хууш дац.
.
30Амма парушхошна а, Ӏеламчу нахана а, Делан лаам тӀе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира.

31Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш? 32Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка: „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира!
Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“

33Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагӀар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“. 34Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву“, – олура. 35Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха».
Copyright information for CheCAC2012