Luke 8:16-18
Кхабина буха хӀоттийна стогар
(Марк 4:21-25)
16 a«Цхьаммо стогар латийча, цунна тӀехула кхаба ца хӀоттайо, я маьнги кӀел ца хӀоттабо иза, амма чубогӀучарна серло гун йолччу лакха хьалахӀоттабо. 17 bХӀунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 18 cЦундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дӀадоккхур ду».
Copyright information for
CheCAC2012