‏ Luke 8:19-21

Ӏийсан нана а, вежарий а

(Маттай 12:46-50; Марк 3:31-35)

19Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тӀе ца кхачалора уьш. 20Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш».

21Ӏийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугӀуш, и кхочушдеш берш бу».
Copyright information for CheCAC2012