Luke 8:22-25
Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо
(Маттай 8:23-27; Марк 4:35-41)
22Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиина, Цо элира: «Ӏоман дехьа берда тӀе девр ду вай». Уьш хи тӀехула дӀабахара. 23Хин кеманахь уьш богӀучу хенахь, Ӏийсана наб кхетта. Ӏома тӀехь чӀогӀа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла. 24Мурдаша самаваьккхина Ӏийса: «Устаз! Устаз! Вай хӀаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гӀаьттина, мохе а, тулгӀенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дӀахӀоьттира. 25ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугӀу Цуьнга».
Copyright information for
CheCAC2012