Luke 8:26-39
Ӏийсас ГӀарас-меттехь жинаша хьийзош волу стаг туовар
(Маттай 8:28-34; Марк 5:1-20)
26Уьш Галилайна дуьхьалара берда тӀехь Ӏуьллучу ГӀарас цӀе йолчу метте баьхкира. 27Ӏийса берда тӀе ваьлча, Цунна дуьхьал гӀалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тӀе хӀума ца юхуш, нах дӀабухкучу хьехаш чохь Ӏаш вара. 28– 29Ӏийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Ӏийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХӀун оьшу Хьуна соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗӀенашца дӀа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дӀавоьдура иза. 30Ӏийсас хаьттира цуьнга: «ХӀун ю хьан цӀе?» Цо элира: «Эскар», хӀунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу. 31Цу жинаша дехар дира Ӏийсага, шаьш бух боцучу Ӏинах ма кхийсахьара аьлла. 32Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Ӏийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира. 33Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий. 34Ӏуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а. 35Хилларг хӀун ду хьажа адамаш даьхкира. Ӏийсана тӀебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, Ӏийсан когашкахь Ӏаш вара иза. Схьабаьхкинарш чӀогӀа кхерабелира. 36Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира. 37Оцу ГӀарасара мел болчу бахархоша, шаьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, дехар дира Ӏийсага, шаьш а дитина, дӀагӀахьара Хьо аьлла. Иза хӀордкемана тӀе а хиина юхавирзира. 38Шена чуьра жинаш дӀалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла. Амма Ӏийсас дӀавахийтира иза: 39«ЦӀа а гӀой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», – аьлла. Цу стага дӀавахана гӀалахь бехачаьрга шена Ӏийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира.
Copyright information for
CheCAC2012