Luke 8:40-56
Яиран йоӀ еллачуьра денъяр а, цомгуш йолу зуда тояр а
(Маттай 9:18-26; Марк 5:21-43)
40Дуккха а адам Ӏийсага хьоьжуш Ӏийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира. 41Гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара Ӏийсана тӀе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цӀен тӀе вагӀахьара Хьо аьлла. 42ХӀунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоӀ яра яла йоллуш Ӏуьллуш. Ӏийса дӀавоьдуш Цунна гонах чӀогӀа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. 43Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цӀий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гӀоле а йоцуш. 44ТӀехьашхула тӀе а еана, Ӏийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Ӏоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дӀаоьху цӀий сецира. 45«Мила вара Сох куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Ӏийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дӀаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“» 46Амма Ӏийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Ӏоьттира, хӀунда аьлча Суна хаабелира Сайх дӀакъаьстина ницкъ». 47Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тӀееана, Ӏийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хӀунда Ӏоьттира а, шена оцу сохьта гӀоле муха хилира а. 48ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна». 49Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланча веара. «Хьан йоӀ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу». 50Амма Ӏийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тӀаккха хьан йоӀ толур ю». 51Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоӀан дений-нанний бен. 52Кертара адамаш оцу йоӀана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Ӏийсас, – иза ца елла, иза йижина ю». 53Уьш Цунах бийла хӀиттира, хӀунда аьлча царна хаьара и йоӀ еллийла. 54Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагӀатта, йоӀ!» 55ЙоӀана чу са деара, иза цу сохьта хьалагӀаьттира. Ӏийсас цунна яа хӀума ло элира. 56Дай-наний чӀогӀа цецдаьлла дара. Амма Ӏийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012