‏ Luke 9:10-17

Пхи эзар стаг вузор

(Маттай 14:13-21; Марк 6:30-44; Яхьъя 6:1-14)

10Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса. 11Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тӀаьхьа. Ӏийсас уьш тӀеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.

12Де суьйренгахьа лестича, Ӏийсан шийтта векало, тӀе а веана, элира Цуьнга: «Адам дӀадахийта деза. Луларчу ярташка а, кӀотаршка а бахана, шайна дӀадийша меттиг а, яа хӀума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла.

13ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хӀума».

Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чӀарий бен бац. ГӀой, царна массарна а яа хӀума эций оха?» – аьлла.
14Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара.

Амма Ӏийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла.

15Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. 16Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира Ӏийсас. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 17Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тӀаьхьа Ӏийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
Copyright information for CheCAC2012