‏ Luke 9:22-27

22Цо элира: «Адамийн КӀантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха Иза тӀе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».

23 aТӀаккха Ӏийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“бохург дӀа а теттина, хӀора дийнахь шен баланийн мохь
Баланийн мохь – грекийн маттахь, цхьабакъду, яздина ду: жӀаран бӀогӀам.
тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.
24 cХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачо иза кӀелхьардоккхур ду. 25ХӀун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хӀаллаквича я шена зен дича? 26Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КӀант дӀавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. 27Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».
Copyright information for CheCAC2012