‏ Luke 9:28-35

Ӏийса хийцавалар

(Маттай 17:1-8; Марк 9:2-8)

28Цул тӀаьхьа, ворхӀ-бархӀ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Ӏийса доӀа дан лам тӀе хьалавелира. 29ДоӀа дечу хенахь Цуьнан юьхь цӀеххьана хийцаелира, духар чӀогӀа кӀайделира, тӀехь бӀаьрг ца сацалуш. 30 31Олаллин нур лепаш ши стаг дӀахӀоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхӀу-пайхамар а вара. Ӏийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Ӏийсан, Ярушалаймехь, адам паргӀатдаккхархьама, дуьнен чуьра дӀакхалха дезарх лаьцна. 32Кипа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Ӏийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. 33И ши стаг дӀаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхӀуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хӀун дуьйцу оцу хенахь.

34Кипа къамел дина а валале, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Ӏийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Ӏийса а, Муса а, Эли-ЯхӀу а нисвелча. 35 aМархи юкъара аз хезира: «ХӀара ву Ас хаьржина волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀалаш!»
Copyright information for CheCAC2012