Luke 9:57-62
Ӏийсана тӀаьхьахӀотта ца лиънарш
(Маттай 8:19-22)
57Уьш новкъахула богӀучу хенахь, цхьана стага элира Ӏийсага: «Со Хьуна тӀаьхьа хӀуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а». 58«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Ӏийсас. 59Кхечу стаге Цо элира: «Суна тӀаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цӀа а вахана, сайн да дӀаволла». 60«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Ӏийсас. 61 aКхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогӀур вара, пурба лохьа суна цкъа цӀахь болчаьрца Ӏодика ян», – аьлла. 62Ӏийсас жоп делира цунна: «Нахаран тӀам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012