‏ Luke 9:7-9

ХӀародан воьхна хьийзар

(Маттай 14:1-12; Марк 6:14-29)

7 aӀийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХӀародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хӀунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла, 8вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар веана, кхозлагӀчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла. 9ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.
Copyright information for CheCAC2012