‏ Mark 1:1-8

Дала леррина Къобалвинарг гучуваларна адам кечдо Яхьъя-пайхамаро

(Маттай 3:1-12; Лака 3:1-18; Яхьъя 1:19-28)

1Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. 2 aЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас.
Цо Хьуна некъ кечбийр бу.
3 bЯьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе,
нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“».

4Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». 5ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга. 6 cЦо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс. 7Адамашна иштта хьехамаш бора цо:

«Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со.
8Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
Copyright information for CheCAC2012