‏ Mark 1:21-28

Жино хьийзош волу стаг

(Лака 4:31-37)

21Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. 22 aНах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.

23ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: 24«Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!»

25Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла.

26ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин. 27Чохь берш чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хӀун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тӀехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугӀу».

28Дукха хан ялале Ӏийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
Copyright information for CheCAC2012