Mark 1:29-34
Ӏийсас дукха адам тодо
(Маттай 8:14-17; Лака 4:38-41)
29Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара. 30ШамӀин стуннана чӀогӀа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Ӏийсага. 31Ӏийсас, тӀе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагӀатта гӀо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дӀа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг. 32Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе. 33Дукха адам гулделла дӀахӀоьттинера неӀаре. 34Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
Copyright information for
CheCAC2012