‏ Mark 1:35-39

35Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира. 36Ткъа ШамӀагӀар Иза лаха арабевллера. 37И карийча, цара элира Ӏийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву». 38Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гӀаланашка а, ярташка а гӀо вай, цигахь хьехамаш бан, хӀунда аьлча Со цунна веана ма ву».

39 aГалилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.
Copyright information for CheCAC2012