‏ Mark 1:40-45

Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово

(Маттай 8:1-4; Лака 5:12-16)

40ДӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Ӏийсана тӀе. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, шена гӀо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».

41Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» 42Цу сохьта, и цамгар дӀа а яьлла, цу стеган дегӀ цӀанделира. 43Ӏийсас, и стаг сихонца дӀа а хьажош, чӀогӀа тӀедилларца элира цуьнга: 44 a«Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».

45Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гӀалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кӀеззиг долчу меттигашкахь соцура Ӏийса. ХӀетте а массанхьара а адам догӀура Цунна тӀе.
Copyright information for CheCAC2012