‏ Mark 1:9-11

Ӏийса хих чекхваккхар

(Маттай 3:13–4:11; Лака 3:21, 22; 4:1-13)

9Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира. 10Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира. 11 aТкъа стигалара аз хезира:

«Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».
Copyright information for CheCAC2012