Mark 10:1-12
Стага зуда дӀаяхийтарх лаьцна хьехам
(Маттай 19:1-12; Лака 16:18)
1И мохк а битина, ЯхӀуд-махка Йордан тӀехьа дӀаволавелира Ӏийса. Юха а адамийн тобанаш йогӀура Цунна тӀе, ткъа гуттар а санна Ӏийсас царна хьехамаш бора. 2Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» – аьлла. 3Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?» 4 aЦара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита». 5Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела. 6 bАмма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.7 c„Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина,
стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
8ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.
ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, 9цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!» 10ТӀаьхьо, уьш цӀа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Ӏийсага. 11 dТӀаккха Ӏийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву. 12Ткъа зуда, майрачух дӀа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».
Copyright information for
CheCAC2012