Mark 10:13-16
Ӏийсас бераш декъалдо
(Маттай 19:13-15; Лака 18:15-17)
13Ӏийсага куьг тӀедиллийтархьама бераш далийра Цунна тӀе, амма мурдаша тӀе ца дуьтура уьш. 14Иза гиначу Ӏийсас, оьгӀаз а вахана, элира цаьрга: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу. 15 aБилггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац». 16ТӀаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тӀе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Ӏийсас.
Copyright information for
CheCAC2012