aАрадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20; Арадаккхар 20:12; Карлабаьккхинарг 5:16.
Mark 10:17-31
Хьалдолу стаг
(Маттай 19:16-30; Лака 18:18-30)
17Ӏийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тӀеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хӀун дан деза те?» 18Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“хӀунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 19 aДала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хӀилла а ма леладе, дай-наний а лара“?»20Оцу стага элира Ӏийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогӀуш ву со». 21Ӏийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хӀума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта». 22Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тӀехь хийца а велла, гӀайгӀане а воьжна, дехьавелира, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара. 23Ӏийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила!» 24Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Ӏийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25Эмкална а механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 26Ткъа мурдаш, кхин тӀе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТӀаккха кӀелхьара мила ваккхалур ву те?» – бохуш. 27Цаьрга а хьоьжуш, Ӏийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хӀума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела». 28Кипас элира тӀаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо». 29Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цӀа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна 30бӀозза сов лур ду цӀенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тӀейогӀучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду. 31 bАмма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
Copyright information for
CheCAC2012